Язык сайта

 

Язык сайта

 

Сулейманов А. "Дай-наношца цхьаьнакхетар"

Шелан муниципальни к1оштан дешаран урхаллин куьйгалхочун Магомадов Абубакаран лаамца Шеларчу №1, №6 йолчу школийн 11-чу классийн дешархойн дай-наношца цхьаьнакхетар хилира Шелан к1оштан къедин Ахмадов Мохьмадан а, урхаллин хьаькаман заместителан Абкаров Маликан а. Дакъалоцуш бара школийн директорш а, церан дин хьоьхуш болу заместительш а.

Дийцаре диллинарг кхо хаттар дара: дешархоша телефонаш лелаяр а, бераш школе лелар (посещаемость) а, уггар а коьртаниг – кху шарахь выпускникаша д1аяла еза ЕГЭ а.

Гулам д1абуолош вистхилира дешаран урхаллин хьаькаман заместитель Абкаров Малик:

«Массарна а дахкарна Дела реза хуьлда, тахана шу дуккха а гулдели. Х1ара тайпа гуламаш оха массо а школехь д1ахьур болуш бу. Бакъдерг аьлча, оха кхайкхинарш берийн дай бара, х1унда аьлча, дукха хьолехь, берера цхьа х1ума а даьлла шайга бехк баьккхича, дас олушдерг ду: «суна хууш дацара, кхин дойтур дац». Доьзалх жоп дала дезаш верг уггар хьалха да ву, цундела «ца хаьара» аларх, цунна т1ера жоьпалла д1а ца долу Далла гергахь а, 1едална гергахь а. Уггар хьалха телефонех лаьцна дуьйцур ду вай. Шуна ма-хаъара, вайн республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан омрица, дешаран министерствос дешархошна школехь телефонаш лелаяр дихкина ду. Амма дукха хьолехь иза кхочушдеш дац. Тахана телефон схьа а яьккхина, шуьга д1аелча, аш кхана д1а а лой, схьахьовсабо уьш. Т1аккха хьехархойн ларам а охьаболу, берана ша х1уъа лелийча а мегар ду а моьтту. Шолг1а вай сагатдийриг бераш школе лелар ч1ог1а ледар хилар ду. Цхьа урок яьлча а бог1у, ца бог1уш а 1а. Ткъа 11-чу классийн дешархой кху шарахь ЕГЭ яла езаш бу. Уроке ца бог1уш 1ийча, теманаш юкъахюьсу. Экзаменехь иза дуьхьалдер ду. Кхочу-уш, коьртачу хаттарна – ЕГЭ-на – т1екхечи вай. Массаьрга а д1ахаийта лаьа: кху шарахь, стохка санна, хьехархойн шу берашна г1одойла хир яц шуна. Ша г1о дийр ду моьттуш волу хьехархо а галваьлла, аш – дай-наноша – шайн берашка шаьш г1о дойтур ду аьлла, уьш тешабахь, аш царна тешнабехк бо шуна. Х1унда аьлча, стохка санна, Генарчу Малхбалера заданеш Интернет чу кхиссина хир яц, х1ора регионашна къаьстина хир ю уьш. Цул совнаха уполномоченниш а совбохур болуш бу. Цул а шайн берашка 1ама яйтар г1оле ду шуна. Цхьайтта шарахь шайн бере доьшуьйтуш къа а хьегна, иза аттестат доцуш дисахь Далатохар ду. Ас дийцинчунна жам1 дича, кхаа а хаттарехь – телефонаш лелаяр, школе ца лелар, ЕГЭ-на кечам ца бар – шун, дай-нанойн, бехк алсам го суна. Тхайна, хьехархошна т1ера бехк д1а а ца боккху, тхан а ду шортта кхачамбацарш. Амма шайн берашка низам чуьра дуьйна схьа леладайта а деза. 1уьйранна, шен хеннахь хьала а г1аттийна, школе дахийтарна т1ера д1а. Аш уьш кхоабо. Царна луъучу т1ехь а 1аш. Шу шайн берийн лайш хилла д1ах1уьттуш ду. Цара шун лаам кхочушбан безаш болу, шу церан лаамна т1е доьрзуш ду. Иза вайн нохчийн къоман г1иллакхашца а, бусалба динца а дог1уш х1ума дац. Дай берашна 1уналла дарна т1ера херабевлла, зударшка дукъ д1а а делла. Иза тахана кху чу хьаьжча а гуш ду. Къам галдала доладаларан хьалхара билгало ю иза. Дала лардойла вай цунах».

Цул т1аьхьа шайн школашкара хьелаш дуьйцуш бистхилира директорш а. №6 школан директора Юнусова Тамарас шен къамелехь элира:

"Оха тахана далхош дерш, дукха хьолехь, кхачамбацарш ду, уьш тахана лазаме долун дела. Амма вайн бераш шадерш а галдевлла доьлхуш ду бохург дац иза. Класса чохь цхьа-шиъ галваьлла хилча а, новкъа ду иза. ЕГЭ-на т1е тидам бахийтар а дехар дара сан. Оха луучунна г1о а дийр ду, ца кхетарг хьоьхур а ду. Шайн бераш консультацешка а дахкийтахьара аш. Малика ма-аллара, кху шарахь экзаменаш д1алуш низам ч1аг1дина хир ду шуна. Зондаш а х1иттор ю, телефонашка болх ца байта. Математикин а, оьрсийн меттан а экзаменаш т1ейожийнарш (обязательные) ю, царах цхьаъ д1а ца лахь а, аттестат лур дац. Тхан – хьехархойн шуна г1о дан аьтто хир бац шуна экзаменехь".

Цул т1аьхьа къамелдира к1оштан къедас Ахматов Мохьмада:

"Дала таханлера гулам беркате беш, Ша реза волуш д1асакъастар хуьлийтийла вайн. Тахана кху чохь мел дийцинарг ч1ог1а лазаме г1уллакх ду. Вайн массеран а коьрта 1алашо вешан доьзалш нахана а, халкъана пайдехь а болуш кхиор ю. Тахана герзаца болу т1ом д1абаьлла, амма шен дег1аций, шайт1анций беш болу т1ом уггаре а боккха т1ом бу. Дег1ан лаамна т1ехьаваьлла доьзалхо нахана а, шена а пайден ца хуьлу. Дала шайн доьзалехь низам латтаде бах дегий-неней. Дуьненахь а, кхана дог1ун долчу къематан дийнахь а, доьзал ийман доцуш кхиахь а, цаьргара зулам далахь а, уьш беркате, г1иллакхе ца хилахь а, да-нана ду бехке. Ас Делаца дуй буу, х1ора берана а цхьацца дешна стаг хьехам бан д1ах1оттавахь а, дас-нанас чохь терго ярий терра бен цара схьалоцур ма дац цара шайна хьоьхург... Цунна масалш а ду вайн тахана. Вай юьйцуш йолчу телефоно вайна беана пайда х1ун бу аьлча, 1илманах, дех-ненах, лулахойх, динах, г1иллакх-оьздангаллах доьзалш д1ахьовзор бу-кха. Маре йоьдуш йолу йо1 кху чухула йоьду, хийисте кхойкхучу меттана, ара яла кху чухула олу. Вайн массеран а чохь кхуьуш доьзал бу, цундела вайн массеран а лазам бу х1ара. «Пхийттара яьлларг – мехкан нус ю, пхийттара ваьлларг – мехкан нуц ву», – олуш ду вайн халкъалахь. Хьеннан а керта яха тарло йо1, к1ант а хьеннан нуц хила тарло. Цундела кху телефонашна само яхьара аш, шайн зудаберашка кху чухула захалонаш а ма дицийтахьара, хан яьллачу хенахь къамелаш а ма дайтахьара, школе а ма лелаяйтахьара. Школе деша бог1уш берш цу чухула къамелаш дан бог1уш бацара. Цу чухула беш болу харц хьехам атта схьалоцу кегийчара, аса а, кхечу 1еламстага а бечу хьехамал а. Доьзалхо мерза, деган юххера стом бу, иза бехказа ваккха лаьа.

Амма Дала бах: «Х1ай иман диллина, Дела цхьаъ веш болу нах, шайн дог1маш а, шайн ц1ийнан ох1ла а к1елхьара даккхийша 1азапах».

Къахета бохуш, аш шайна ма-луъу лелийтахь, кхана Далла хьалха жоп дала деза шун. Оьзда лелийтар – иза ду берах къахетар. Аш тахана шайна дуккха а х1уманца – духарца, даарца, кхечуьнца – кхоам а беш, доьзалхо хене воккхуш ву, иза массарна а везаш вуй а хаьа. Делахь а тахана г1иллакх-оьздангалла, бусалбаналла схьа ца лацахь, галдаьлла доьдуш ду шуна г1уллакх. Вайн баккхийчара алара, шаьш хийисте бахча, эхь хеташ охьа таь1на йолчу йоь1ан юьхь-сибат ган лууш, хийла цунна гуо тесна шаьш, олий. Коган хьаьрк, некхан ун воккхачунна гайта эхь хеташ хилла боьрша стаг а. Нехан воккханиг ца лоруш верг, шен да-нана а лоруш воций хаа а ду. Цундела хьехархо а, воккханиг а ларар, цуьнан сийдар, лерамбар дешархошна т1ехь ду, аша иза чуьра дуьйна масалца д1а гайта а, д1ахьеха а деза. Дала Ялсамане хьарам йинчу кхааннах цхьаъ ву бах шен доьзалхочо х1уъу лелийча а бен ца хеташ волу да я нана. Цундела 1уналла дан деза шен доьзалан вай дийна долччуьра. Вешан доьзалш беркате бан хьовсий вай? Дала беркате бойла вайна уьш, Дала зенах-зуламах ларбойла уьш. Дала шу реза ма-дду муьт1ахь кхиабойла шуна уьш".

Цул т1аьхьа, гулбеллачеран хеттаршна жоьпаш а луш, цхьаьнакхетар ч1ог1а пайдехь хилар билгал а доккхуш, д1абирзира гулам.