Язык сайта

 

Язык сайта

 

Сулейманов А. «...Дешархо – лато дезаш долу хаьштиг ду»

Шелан к1оштан Жимчу-Атаг1арчу Керимов Мохьмада хьехархочун говзалла харжар, историк хилар-м х1етий-ветий а, ша-шах я лаамза нисделла дац. Йоза деша 1емичхьана книгаш йоьшуш а, исторехь безам болуш а хилла ву иза.

Цундела хир дара цуьнан, Жимчу-Атаг1ара 8-шеран школа 1964-чу шарахь чекх ма яьккхинехь, Соьлжа-г1аларчу хьехархойн училище деша вахар а. 1968-чу шарахь цигахь дешна ваьлча, Чуьрийн-эвларчу юккъерчу школехь хьехархочун болх бан волавелла 1 бутт балале эскаре кхайкхира Мохьмад. Цигара ц1а ма-веъанехь, 1970-чу шарахь дуьйна ша вехачу Жимчу-Атаг1арчу №2 йолчу юккъерчу школехь хьехархочун болх беш ву и. Балхана юкъах а ца волуш, 1982-чу шарахь Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан исторически факультет чекхйоккху цо.

Стеган амалех, балхах, г1уллакхех дерг уггар дика цуьнан белхан накъосташна хуур ду...

Тамаева Масара, школан директоран дешаран а, кхетош-кхиоран а декъехь йолчу заместитела, дуьйцу:

«1969-чу шарахь 320 меттигана йиначу тхан школехь доьшуш 336 дешархо а, болх беш 28 хьехархо а ву. Царах 22 лакхара, 6 юккъера корматаллин образованеш йолуш бу. Ас кху школехь хьехархочун болх бен 26 шо ду, царах т1аьххьара 11 шо завуч йолу а ду.

Керимов Мохьмад х1ара школа болх бан йолаелчхьана кхузахь хьехархо ву. Дуьххьара военрук, цул т1аьхьа математик хилла и, 1976-чу шарахь дуьйна истори хьоьхуш ву. 18 шарахь завуч лаьттина а, хьехархочун лакхара категори йолуш а, дуккха а грамоташца билгалваьхна а ву Мохьмад. И санна шен говзалла а, шен болх а безаш, цо санна доггах шен хаарш берашка д1акхачо г1ерташ болу хьехархой к1еззиг бу х1инца. Къоначу хьехархойн наставник а ву иза. Муьлхха хаттар я лазам эцна т1еваханчунна дала жоп а, дан г1о а хуьлу цуьнан.

Вайн мехкан, Россин, дуьненан истори к1орггера хууш ву иза. Школехь ЕГЭ-н гайтамаш Мохьмадан дешархойн гуттар а кхечерачул тоьлла хуьлу. Мохьмад к1оштан а, республикански а историн, обществознанин олимпиадашкахь гуттар а комиссин декъашхо хуьлуш ву, ткъа цуьнан дешархой къовсадаларшкахь дакъалоцуш хуьлу. Школехь семинараш, конкурсаш д1ахьо.

Мохьмада шен балха т1ехь буьззина пайда оьцу кхузаманан технологех а, инновацех а /компьютер т1ехь а, интерактивни уьнца а болх бан дика хаьа цунна/. Шен урокашкахь юкъадаладо ламастехь доцу /нетрадиционни/ хьехар а. Дешархойн дай-наноша а, дешна бевллачара а ч1ог1а лоруш а, ткъа тхан коллективан воцуш цатерг а ву Мохьмад. Хьехархо-методист ц1е а йолуш, историн, обществознанин методически вовшахтохараллин куьйгалхо а ву иза».

Россин Федерацин юкъара дешаран сийлахь белхахочо, нохчийн меттан, литературин хьехархочо Дадаева Зояс т1етуьйхира:

«Мохьмад суна школехь доьшуш долуш дуьйна вевзаш ву, кху школе балха а цхьана шарахь деана тхойшиъ. Кху 42 шарахь цкъа а шегара осала х1ума ца далийтина цо, шена т1едиллинарг дуьззина чекх ца доккхуш ца 1ийна иза. Тешаме, дика белхан накъост а ву. Жима волуш дуьйна исбаьхьаллин литература йоьшуш, вайн къоман истори езаш, йовза лууш, т1аьхьа а волий лелаш хуьлура иза. Цундела цунна дуккха а школан программи юкъахь доцург а хаьа, дешархочун а я муьлххачун а хаттарна дала дуьззина жоп а хуьлу. Тушца а, масца /пером/ а дика сурт дилла хууш а ву Мохьмад. Хьалха тхан школера шайолу оформлени цо еш яра /х1инца санна, ян а йой, схьайохьуш яцара/. Доцца аьлча, вуьззина, бакъволу Хьехархо ву-кх Мохьмад».

«Сайн алапа дукха ду – к1еззиг ду аьлла, сингаттаме хилла вац со цкъа а, сайга х1ара болх байтичхьана тоьаш, – воьлуш, дуьйцу Мохьмада, – военрук волуш, 10-чу классан дешархой улле а баьхна, т1улг а, кибарчиг а тхаьш юттуш, к1оштахь а тоьлларг тир йира оха. Кху школехь муьлхха а дан дезаш долу г1уллакх, ахча лур дуй-даций ца бохуш, я цхьаммо а хастадаре са а ца туьйсуш, самукъа а долуш дора оха. Х1инца, замане хьаьжжина, ша мел дерг соьме дирзина. Делахь а тхан коллектив ч1ог1а дика а, бертахь а ю. Воккхачуьнца ларам а бу. Хьехархойн вовшашца ларам ца хилча, берашна вуон масал ду иза. Оха мел диканиг хьехарх, мел хазаниг дийцарх, тхан леларе хьаьжжина бен д1а ца лоцу цара иза. Хьалха тхо ч1ог1а г1иллакх долуш дарий, тхо дика доьшуш дарий, х1инцалерниш иштта буй, вуьшта буй, бохуш долу хабарш цкъа а ца дезна суна.

Ас гуттар а берехь а, воккхачуьнгахь а, чохь а, арахь а, школехь а коьртаниг г1иллакх лерина. Дешар-м оха 1амийчхьана 1ама там бара, амма г1иллакх тхоьга школехь тоам боллуш ца 1амало. Иза шен чуьра схьа – дегара, ненера, шен ц1ийца хила дезаш х1ума ду. Шозлаг1ниг – берашна т1ечехар а ца дезна суна. Хьалхалерчуьнца дуьстича, дешар дера х1инца ледара ма ду. Цуьнан шортта бахьанаш ду, амма коьртаниг – бераш оьрсийн маттана херадовлар ду. Дешар оьрсийн маттахь хилча, бере шена хуург шерра схьа ца алало, т1аккха ийзало /комплексовать до/. Компьютерш а ю, каралаьцна телефонаш а ю цаьргахь, уьш дика а евза царна – иза а дика ду, оьшуш ду. Амма исбаьхьаллин литература ешар дац. Книгаш ешаро бен хьекъал кхиа ца до, дуьне довзар (кругозор) шор ца до.

5-6-чу классехь волуш дуьйна уьш йоьшуш, лохуш (цу хенахь, тахана санна, еззарг книга яцара), гулъеш йолчу тобанна юкъахь хилла ву со. Книгаш ешаро дуккха а пайда ло дахарехь а. Хьайн къоман а, кхечу къаьмнийн а истори, г1иллакхаш девза хьуна. Муьлххачу, мел хьекъалдолчу, дешна волчу стагца дан къамел хуьлу хьан, т1аккха ларам хуьлу нахана юкъахь.

Дагадог1у суна, 1967-чу шарахь хьехархойн училищехь экзамен д1алуш, суна «Суворовн итальянски а, швейцарски а поход» аьлла билет кхаьчнера. И тема хьоьхучу хенахь, сан юкъаравалар а хилла, ас 1амийна яцара. Амма 2-3 бутт хьалха ас книга ешнера Суворовх лаьцна, и дага а деъна, ас д1а а йийцина, «5» даьккхира.

Школехь дика библиотека а ю, амма берийн книгашна т1е лаам ца боьрзу цкъачунна. Делахь а, замане хьаьжжина – компьютершца а, кхиболчу а г1ирсашца дика ларабо уьш.

Тхан школан девиз ю:

«Дешархо – юза езаш йолу пьег1а яц, лато дезаш долу хаьштиг ду» («Ученик не сосуд, который надо заполнить, а факел, который надо зажечь»).

Цу т1е г1ерташ а ду тхо. Кху шеран 1-чу сентябрехь даккхийчу даздаршца тхан школана хеназа кхелхина йолчу хьехархочун Керимова Зулиханан ц1е тиллина. Дала гечдойла цунна. И ц1е оха лакха айъина д1а а хьур ю», – дерзадо Мохьмада.

Ткъа вай д1адаханчу хьехархочун денца декъал во Мохьмад а, вайн республикера массо а хьехархой а. Дала аьтто бойла шун шайн халачу, амма къомана ч1ог1а оьшучу балха т1ехь.