Сатуева Сацита йина 1955-чу шарахь Казахстанехь, Семипалатинск г1алахь. 1973-чу шарахь Хьалха-Мартанан 3-г1а юкъардешаран школа чекх а яьккхина, воспитателан, цул т1аьхьа хьехархочун болх беш а йолуш, Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетехь физико-математически факультет кхиамца чекхъяьккхира Сацитас. 2000-чу шарахь Хьалха-Мартанан к1оштан дешаран декъан (х1инца дешаран урхалла) куьйгалхо х1оттийра.
Сатуева Сацита доккха зеделларг а, шуьйра хаарш а долуш белхан дика говзанча а, каде куьйгалхо а ю. Дуккха а шерашкахь Сацита шен белхан декхаршца дика ларорна, цуьнан къинхьегаман кхиамаш билгалбаьхна «Российски Федерацин юкъарчу дешаран сийлахь белхахо», «Нохчийн Республикан хьакъ йолу хьехархо» ц1ераш тохкуш. Ткъа иштта «Къинхьегамца билгалъяларна» а, «Профсоюзан сийлахь белхахо» а, кхин а мидалш а, Нохчийн Республикан а, министерствон а, к1оштан администрацин грамоташ а, кхидолу совг1аташ а делла Сатуева Сацитина.
Хьалха-Марта нохчийн къоман исторехь доккха маь1на лелийначу вайн яккхийчу шахьарех ю. Х1окху к1оштара бевлла махкахь ц1е яххана бевзаш болу дешна нах, шайхаш, политикаш, яздархой, 1илманчаш. Масала, эвлаяъ Яндаров Солса-хьаьжа, яздархой Бадуев Са1ид, Сулейманов Ахьмад, Бексултанов Муса, 1илманчаш Яндаров 1андарбек, Овхадов Муса, Вагапов 1аьрби, пондарча Димаев 1умар, хелхарча Ахмадов Рамзан, композитор, иллиалархо Даудов Рамзан иштта кхин д1а а.
Хьалха-Мартанан к1оштан бахархойн барамца республикехь яккхийчех ю.
Хьалха-Мартанан к1оштан дешаран урхаллина юкъайог1уш 1 гимнази а, 31 юьззина юкъардешаран школа а, 1 ООШ а, 1 суьйренан школа а, 9 т1етоьхначу дешаран учреждени а ю.
Дийнахь доьшуш 22067 бер ду, суьйранна доьшуш – 564, кружокашкахь а, секцешкахь а дакъалоцуш 7000 сов бер ду.
Урхаллин учетехь 3248 заь1апхой-бераш ду, царах 53 ц1ахь 1амош, 12 дистанционни дешаран компьютерш йолуш бу.
К1оштан дешаран системехь болх беш 1267 хьехархо ву, царах лакхара категори йолуш – 549, 1-ра категори йолуш – 196, 2-г1а категори йолуш – 327 ву.
Лакхара дешар дешна 1067 хьехархо ву, юккъера лерина дешар дешна 417, юккъера дешарца верг – 99.
6 школехь капитальни тодарш дина, цхьана школана г1ишло ян йолийна, вукха школашкахь кир-басарш а дина.
«Массо а школа (3 йоцург) ц1еяларан сигнализаци йолуш ю, 31 – чуьра а, арахьара видеотергаман системаш йолуш а ю, – бохуш дуьйцу дешаран Урхаллин хьаькама Сатуева Сацитас. – Х1ора дешаран шарахь х1отточу белхан планаца школийн администрацешна а, хьехархойн коллективашна т1ехь тидам латтабар а, дешархойн хаарийн мониторинг а хьо д1а. Д1адаханчу шарахь школашкахь долу белхан а, дешаран а г1уллакхаш 25-за теллина, оцу талламийн жам1ашка хьаьжжина справкаш а, омарш а х1иттийна, хьехархойн коллективашкахь уьш дийцаре а дехкира. Талламаша гайтира дешаран системехь, коьрта долучунна г1уллакх дийно-дийно дикачу аг1ор лесташ хилар а.
2011-чу шарахь ЕГЭ-хь дакъалоцучарех аттестацех чекх ца бевлларш нийсса ах жимбелла ши шо хьалхалерачул.
Илла-билла а яла еза 2 экзамен д1аяларехь 100% жам1аш гайтира: №5 гимназис, Хьалха-Мартан т1ерачу №7, Олхазар-к1отарарчу №1, №2, Гихт1арчу №2, Гехичуьрчу, Г1оййистерачу, Шалажерчу №1, №2 йолчу школаша, ткъа №7 йолчу школо 94% сов жам1аш гайтира. Стохкалерчуьнга хьаьжча, дикка жам1ийн гайтарш хьалаайинера кхечу школаша а.
Кхоъ дашо а, цхьаъ дато а мидалш а ехира. Тхан к1оштанера лакхарчу дешаран заведенешка деша д1ах1оьттира 339 дешархо вайн республикехь, 94 – Россин вузашка. Тхан урхаллехь кружокашкахула, секцешкахула, факультативашкахула пох1ма долчу берашца беш урокашкахь боцу болх бу. Цуьнан жам1 олимпиадашкахь, фестивалашкахь, конкурсашкахь дакъалацар ду. Д1адаханчу шарахь школан муьрехь толамаш а баьхна олимпиадашкахь дакъалоцуш 840 дешархо вара. Декъашхоша дика хаарш гайтира нохчийн меттан, литературан, оьрсийн меттан, литературан, историн, бакъонан, обществознанин, биологин предметашкахула. Царах 50 толамхо а, 113 призераш а хилира.
Интеллектуальни ловзарша берийн кхетам мелла а лакхабоккхий хууш, оха аьтто бо дешархойн цу юккъахь дакъалаца. Масала, КВН, «Брейн-ринг», «Къона эрудит». Дика кхиамаш бехира к1оштарчу дешархоша «Умники и Умницы» олучу телевизионни ловзарехь. «Берийн кхетош-кхиорехь доккха дакъа лоцу т1етоьхначу образованин учрежденеша а. Масала, кхерчо (ДДТ) республикански берийн кхоллараллин фестивалехь дакъа а лаьцна призерийн меттигаш ехира: вокал – 2 меттиг; хореографи – 2 меттиг; сольни лакхар – 3 меттиг; исбаьхьаллин дош – 3 меттиг; инструментальни лакхар – 2 меттиг.
Иштта Правительствон кегийрхойн комитето д1аяьхьначу «Хьоме г1ала» ц1е йолчу республикански фестивалехь 3 – г1а меттиг яьккхира берийн кхоллараллин кхерчан кхиархоша. «Изобразительное искусство» бохучу конкурсехь – 3-г1а, суьртийн выставкехь «Февралан эхо» – 2-г1а меттиг (кегийчеран тоба), хьалхара меттиг (баккхийчеран тоба) яьккхира.
Дешархойн кхетош-кхиоран балха т1ехь коьрта аг1о бусулба динан а, нохчийн г1иллакх-оьздангаллин а буха т1ехь кхиор ду. Цунна т1едоьг1на дуккха а мероприятеш йо Ненан, Нохчийн Зудчун, Нохчийн меттан деношна лерина. Нохчийн яздархошца, поэташца цхьанакхетарш, конференцеш, диспуташ йо. Патриотизм кхиорехь 1елам нахаца, администрацин белхахошца, нуьцкъаллин структурийн белхахошца, патриотически клубашца, иштта кхечаьрца а цхьаьнакхетарш а до. Школийн а, к1оштан а, «Т1арикъатан бух», «Ас Ислам 1амадо», «Устазийн а, шайхийн а дахар девзаш берш» боху конкурсаш йо.
Спортехь а бу кхиамаш. Даханчу шарахь юкъардешаран школийн дешархошший, ДЮСШ-н кхиархоший – 24 республикански, 8 ерригроссин, 1 дуьненаюкъарчу тайп-тайпанчу спортан къийсадаларшкахь дакъалецира, лакхара толамаш а бехира. Цхьана дешаран шарахь 50 спортан мастеран кандидат, 8 спортан мастер а кечвира. №5 йолчу гимназин баскетболан команда НР-н ц1арах президентан къийсадаларшкахь а, СКФО-н хьалхеяккхарехь а дакъа лоцуш а йолу 8 шо ду.
2 эзар сов бер стохка сада1а а дахийтира оха.
Ас лакхахь дийцинарг (кхин дуккха а дийцаза а дисна) тхан кхиамех ду, амма уьш тхоьга бахабелла вайн республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан бахьана долуш, цо массо к1ошташкахь санна, тхо долчохь а къахьега а, деша а дика хьелаш кхолларна.
Болуш бу тхан лазамаш а, кхачамбацарш а. Уггар хьалха, школаш цатоаро ч1ог1а ницкъ бо хьехархошна а, дешархошна а. Классаш т1ех юьзна хуьлу, цо дешаран низам галдоккху. Уггар хьалха – Хьалха-Мартан чохь а, Г1ойт1ахь а 5 школа т1еоьшу. Хьехархой а бац тоьаш, уггар хьалха математикин, физикин, кхечу пачхьалкхан меттанийн а. Цхьацца йолчу предметийн хаарийн т1ег1а хиладезачул а лахара ду цхьайолчу школашкахь.
Ч1аг1бан безаш урхаллин материально-технически бух а бу. Ледара болх беш ю дай-нанойн комитет а. Амма массо х1ума а цхьаьнца дустарца девза. 40 шо кхочуш ду со дешаран системехь болх беш йолу. Тахана санна хазачу, ц1еначу, йовхачу чоьнаш чохь цкъа а дешна дац вай а, вайн бераша а.
Т1екхуьу чкъор дешна ца хилар шайн бехкенца бен диса йиш йоцуш хьелаш ду тахана. Тхо – хьехархой-м оцунах кхетара, амма дай-наной кхета а лаьара. Х1унда аьлча оха луш дерг коьрта долучунна 1илма ду, цара дала дезарг г1иллакх-оьздангалла, иман-ислам ду. Ткъа уьш ца хилча 1илманах а дан х1ума дац. Х1ора гуламехь иза цаьрга д1акхачо г1ерта тхо, школехь а, ц1ахь а бераша лелон дезарг дуьйцуш, царна 1уналла дар доьхуш. Бахамна т1аьхьа а девлла, бераш тергал а ца деш леларш бу дуккха а. Шортта яа-малий, тоьлларг, хьехархойн а доцург, барзакъ а, езачух телефон а, шен ка ма-деллинехь машен а эцча, шен бер ша ч1ог1а леладо моьттуш берш дукха бу-кх, халахеташ делахь а.
Берана коьртаниг – 1илма 1амадар, дуьне довзийтар, хьарам-хьанал къасто хаар, г1иллакх-оьздангалла хилар дуйла ца хууш болчарна шаьш шайн берашна деш дерг дика доций ца хаьа. Ц1ахь хьоьхуш цхьаъ долуш, тхо кхин 1амо г1ертарх г1уллакх ца хуьлу.
Цундела сан кхайкхам бу-кх массо а дай-наношка: совдаккхийша шайн берашна т1ехь 1уналла дар, царна даима г1иллакх-оьздангалла хьоьхуш, церан синошца иман, эхь-бехк кхиош, уьш деша а, къахьега а 1амош. Цул дика болх аш шайн берашна бойла а яц. Кхана царна карон дерг и ду. Дала аьтто бойла шун!», – дерзадо Сатуева Сацитас шен къамел.