Язык сайта

 

Язык сайта

 

Сулейманов А. «Хьехархочунна бераш дезарх тоьаш дац – берашна иза а езаш хила еза»

Мусаева Залува Шелахь йина, №2 йолчу юккъерчу (х1инца и школа ян а яц) школехь дешна а ю. 1975-чу шарахь Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан (х1етахь хьехархойн институт яра) филологически факультет чекх а яьккхина, Шеларчу №5 йолчу юккъерчу школе нохчийн меттан хьехархо яхара иза.

Цигахь болх бинчу 13 шарах 7 шо юьхьанцарчу классийн завуч йолуш даьккхира. Цул т1аьхьа Соьлжа-Г1аларчу №16 йолчу школе (цу школан исторехь дуьххьарлера нохчи-хьехархо) оьрсийн меттан хьехархо балха яхара.

«Цу хенахь Соьлжа-Г1аларчу школашкахь нохчийн мотт хьоьхуш бацара. Бераш а шадерш кхечу къомах дара (оьрсий, корейцеш, кхин а). Цара со ч1ог1а лара а лорура, ла а дуг1ура, цунах цецбовлий хуьлура кхиболу хьехархой, – дуьйцу Залувас, – 1993-чу шарахь цигарчу сан белхан накъоста, ша №46 йолчу школе директор йоьдуш, щеца д1айигира со, цигахь 1999 шо кхаччалц болх бира.

2000-чу шарахь кху №6 йолчу школе организатор еара со (директор цу хенахь Чапсуркаев Жалавди вара), керла дешаран шо д1адолалуш юьхьанцарчу классийн завуч х1оттийра. 2010-чу шарахь дуьйна, сайн лаамца и болх кхечуьнга д1а а белла, нохчийн мотт а, оьрсийн мотт а хьоьхуш, схьайог1уш ю со.

Хьехархочун болх доккха собар оьшуш, берашка безам болуш хила безаш бу. Сайх лаьцна аьлча, со жима йолуш дуьйна суо хьехархо хир юй хууш яра. Берийн ловзаршкахь со гуттар а хьехархо хуьлура, туьйра дика дийцинчунна дика оценка юьллура. И болх ч1ог1а безарна, 8 класс чекхяьккхича, хьехархойн училищехь заочно деша а доьшуш, школехь пионервожатин болх бира, цул т1аьхьа хьехархойн институте яхара со.

Суна хьехархочун болх даг чу биллинарг тхан воккхахволу ваша Мусаев Сулбан ву. Цу хенахь №5 йолчу школехь нохчийн мотт хьоьхуш болх беш вара иза. Ас доккха дозалла дора цунах. Ас хьехархочун болх бен 50 шо кхочу масех бутт баьлча. Х1инца а, дуьххьара санна, самукъа а долуш, йог1у со школе а, х1ора уроке а.

Берашна оьг1азъэхар, уьш чехадар ца деза суна, цаьрца безамца болх бан беза. Амма хьоьгахь безам бацахь, хьехархо хир вац хьох. И тайпа моттарг1анаш берашна оцу сохьта гучуйовлу. Сайна ц1ахь цатам хилча, сайн дешархой дага а бохкуьйтий, сатедо ас сайн. Базарахь махбеш йолу зуда, шена дийнахь дика пайда хилча, самукъа а долуш, ц1а йог1у, иштта, сайн дешархоша (царах бераш ала лаьа суна), урокехь дика жоьпаш а делла, дика оценкаш яьхнехь, со а хуьлу синтеме, самукъане».

«Цхьана хьекъал долчу стага аьлла, боху: кхо говзалла ю Делера хила езаш ерг: кхиэлахо, лор, хьехархо, – дуьйцу школан директора Юнусова Тамарас. – Суна уггаре а хьалха хьехархо х1отто везара аьлла хета оцу кхааннах. Х1унда аьлча, хьехархочо луш берг синкхача бу. Нагахь и бала ма-беззара я кхачам боллуш ца лахь, цу жимачу адаман-беран – кхоллам цхьана дагахь доцчу аг1ор д1аг1ур бу. Харцхьарчу новкъа баха а там бу.

Цундела, х1ара Залува, Делера говзалла а йолуш, бераш а дезаш, шен меттехь болх беш ю. Коллективехь массаьрца а к1еда-мерза, ша езийта хууш ю. Балха т1ехь цхьана а аг1ор ледарло ца йолуьйтуш, къоначу хьехархойн хьехамча а йолуш, схьайог1уш ю. Дуккха а сийлаллин грамоташ а, кхиамаш а бу кхуьнан. Амма уггаре а боккха кхиам берашна х1ара езар бу».

Юьхьанцарчу классашкахь хьехар нохчийн маттахь хила деза бохучух лаьцна х1ун эр дара аьлла долчу хаттарна Залувас жоп иштта ло:

«Ас луш долу жоп цхьаболчарна ца тан а мега. Х1унда аьлча, цхьаволчо, шен дагахь х1уъу делахь а, газета т1ехь кхин дуьйцу. Вай Россехь, йоккхачу пачхьалкхехь, дехаш ду. Россехь коьрта мотт оьрсийниг бу. Ткъа и берашна уьш кегий долуш дуьйна 1ама ца бича, т1аьхьа хала хуьлу. Хьалхарчу классашкахь ненан мотт бийцича х1ун башхалла ю, т1аьхьа т1едог1уш долу хьехар оьрсийн маттахь хилча? Нохчийниг а бицлур бу, оьрсийниг 1емина а хир бац. Цул сов, математика, физика, хими нохчийн маттахь йийцалур йолуш а яц».

Кхид1а дуьйцу школан директора Юнусова Тамарас:

«Тхан школехь 3 шо ду ФГОС программица цхьа класс экспериментальни йолу а, шина маттахь хьоьхуш (полилингвальни), важа беккъа оьрсийн маттахь йолу а. Оха шина а классан хааршна мониторинг йича, гучудаьлларг ду цу шиннен а цхьатерра хаарш хилар. Цул сов, беккъа нохчийн маттахь хьеха хьехархой а 1амо беза. Ткъа тхан школера арахецархой ах сов Россин регионийн вузашкахь доьшуш бу, ц1ена оьрсийн мотт хууш ца хилча, цигахь цаьрга дешалур а дац. Нохчийн мотт берийн бешахь хьеха а, 1амо а беза, шен чохь буьйцуш а хила беза».

ЮНЕСКО-с нохчийн мотт «лешболчу» меттанашна юкъабахийтина бохучу хаттарна Залувас жоп ло:

«Советийн 1едал долуш, и «бала кечбелла бу» аьлча, со тешар яра. Х1инца мелхо а юхаденлуш бу, эр дара ас. Х1унда аьлча, вайн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана вайн г1иллакхаш, дика 1адаташ (вадаш) карладохуш къахьегар бахьана долуш, мотт бийца а буьйцуш, ойбуш бу. Уьш вай ца дезачара кхоьллина хабарш ду.

Х1инцалера бераш хьалхалерачаьрца дуьстича, вайна гушдерг берийн хаарш совдовлар а, замане хьаьжжина бес-бесара хилар а ду. Бакъду, книгаш ешар, классикина т1ехь кхиар дац – х1инца Интернет ю, цу чохь массо а х1ума а ду. Диканиг а, вониг а ду. Коьртаниг – и къасто хаар ду. Книгаш а ма юй диканиш а, вониш а. Масала, оьрсийн меттан урокехь Невский Александрах лаьцна сочинени еллера ас. Бераша Интернет чуьра схьаэцна язйина сочиненеш ч1ог1а чулацам болуш а, шортта керланиш юкъахь долуш а, дика язйина яра».

Директора Юнусова Тамарас т1етуху:

«Уггар галдаьлларг – берийн дай-нанойн низам цахилар а, шайн берийн дешарца церан бала цахилар а ду. Дай-нанойн гулам бича, гучудолу и: тхуна ца баьхкича а бен ца хеташ болу дика доьшуш болчерниш бог1у, кхиберш – ца бог1у. Шаьш шайн берашна яий, т1еюхий хилийтичхьана, тоьаш бу уьш. Уьш ч1ог1а галбевлла цу т1ехь.

Гуламе кхайкхича, цабахкар, тхо, хьехархой, цаларар хилла ца 1аш, шайн бераш цаларар а ду. Т1аккха царах цхьамма цхьа галдаьлларг дича, тхан бер ч1ог1а дика бер дара, цуьнгара вониг далар тамашийна х1ума ду олу. Тамашийна хьаха ду шен беро школехь х1ун леладо цахьажар, цуьнан бала цакхачар. Царна хиъча тхо церан г1оьнчий дара-кх».

«Суна а лаьара массо а хьехархойн ц1арах ала, – боху нохчийн меттан хьехархочо Мусхаджиева Аллас, – Залувех мел ч1ог1а диканиг аьлча а, гал вер вацара. Х1унда аьлча, кхуьнца дика мел дерг шадерг а ду. Кхуо санна, беза а безаш, х1ара болх беш к1езиг нах хир бу. Шен балхал ч1ог1а бераш деза кхунна. Ткъа берашна мел ч1ог1а еза х1ара! Ши йо1 а, цхьа к1ант а кхиийна кхуо, лаккхара дешар а дешийтина цаьрга.

Тхан массеран хьехамча а ю, тхайн муьлхха хаттар, лазам оьций, кхунна т1е дог1у тхо а, жоп ца луш, далун г1о ца деш а цхьа а ца витина кхуо. Оьрсийн а, нохчийн а мотт к1орггера хууш, лаккхарчу т1ег1ан т1ера говзанча ю Залува».

Залувех лаьцна иштта дика дешнаш олу юьхьанцарчу классийн хьехархочо Цицкулаева Асмалика а, кхечара а.

Т1едог1учу хьехархойн денца декъалйо оха Мусаева Залува а, школан директор Юнусова Тамара а, тхайн къамелехь дакъалаьцна хьехархой Мусхаджиева Алла а, Цицкулаева Асмалика а, иштта Шелара №6 йолчу юкъардешаран школин хьехархойн бертахь коллектив а. Дала ирс, аьтто ма эшабойла шун х1усамашкахь а, шун халачу балха т1ехь.