Язык сайта

 

Язык сайта

 

Сулейманов А. «Мескер-Эвларчу юкъардешаран школехь къобал ца йо «Гармония» боху программа»

Шелан к1оштан Мескер-Эвларчу юкъардешаран школехь д1аяьхьира хьалхарчу классийн шо чекхдаларна а, кху шарахь д1аяьхьначу экспериментан жам1 дарна а т1е доьзна йолу схьайиллина урокаш.

Хьалхарчу классан «экзамен» ала а мегар дара цунах. Школехь 6 хьалхара класс ю, царах 5 урокашкахь дакъалоцуш яра. Иштта урокашкахь дакъалаца баьхкина цхьаболу дай-наной а бара.

Цу мероприятин коьрта 1алашо, психолога Кишалова Иринас бахарехь, Дешаран министерствос схьаяийтина йолу «Гармония» олуш йолу программа вайн дешархошна мегаш ю-яц хьажар а, цуьнан г1ийла аг1онаш гучуяхар а яра.

Дуьххьарлера урок математикин яра. Урок д1ахьуш ерг зеделлаг долуш йолу хьехархо Салаватова Килса яра. Урок еккъа оьрсийн маттахь д1ахьуш яра, «поликультурни» олуш йолу форма елахь а. Бераш а, хьехархо а ч1ог1а лерина кечам бина хилар гуш дара. Амма нохчийн матте гоч ца дича, кхетар дика ца хуьлура.

Шолг1а урок нохчийн маттахь литературни ешар яра. Хьалхарчу урокехь берашкара жоьпаш ийзош даха дезаш хиллехь, кху урокехь, ша-ша хьалха вала г1ерташ, куьйгаш уьйуш, ч1ог1а жигара дакъа лоцура цара.

«Математика кхечу урокашца юста ца оьшу», – аьлла ойла кхоллаяла там бу. Цу хьокъехь математикан хьехархочо Салаватова Килсас боху:

«Хьалхалерачу программица оха бераш, хьоьхург оьрсийн маттара нохчийн матта а доккхуш, кхетадора (полилингвальни форма). Х1унда аьлча математика дагахь 1амаярх тоьаш предмет яц, цунах кхета веза. Хьалхарчу классехь дуьйна цунах кхеташ ца хилча, цунна т1аьхьакхиа хала хуьлу. Беккъа оьрсийн мотт бен ма бийца бахар кху программин коьрта ледарло ю».

Летаратурни ешаран урок оьрсийн маттахь д1аяьхьира Бетерсултанова Т1ауса. Бераш ийзалора, оьрсийн мотт дика ца хаарна а, дика ца кхетарна а. Дагахь 1амийначунна т1ера д1адевлча дуохара.

Урокаш чекхъевлча къасто хоьвшинчахь (разбор), шайн къа-бала балхийра хьехархоша. Гуш дара оццул зеделларг долуш, дукха хенахь дуьйна школехь болх беш болчу хьехархойн дог лазар а, берийн хаарш хила ма-деззара ца хиларна уьш юьхь1аьржа х1иттина хилар а.

Хьехархочо Бетерсултанова Т1ауса дуьйцу:

«Гармония» олуш йолу х1ара программа вайн къоман берашна йог1уш яц, х1унда аьлча

– беккъа оьрсийн мотт бен бийца йиш яц кхуьнца (поликультурная), ткъа вайн берашна оьшург – полилингвальная олуш йолу форма ю. Оьрсийн мотт цахааран коьрта бахьана

– школийн хьалхара дешар вайн т1аьххьарчу шерашкахь ледара хилла хилар (дан а дацара ала мегар долуш) ду. Берийн бошмаша кечдина схьадаийта дезаш дара бер, оьрсийн мотт хаар а, дагардар а, кхидолу хаарш а долуш, школе даха кийча а долуш;

– шолг1а – программа а, учебникаш а схьаелла тхуна, амма методически пособеш яц, цундела тхуна тхаьш муха яла еза а ца хаьа урок;

– кхоалг1а – цкъа 1амо йолийнехь, хийца йиш яц боху х1ара программа. (Законо-м кхин бах, масала, реза бацахь дай-наноша заявлени яздичхьана хийца йиш ю);

– доьалг1а – уггар халчех а, дукхах болчара т1е ца лаьцна а программа ю х1ара (масала, Дег1астанехь).

Кху программица 1амош долу бераш, школе дог1уш дуьйна еша хууш а, буххера хаарш хила дезаш а ду. Цу балхана репетиторш лаца беза, ткъа уьш боцуш бу. Хилча а тхо ду и хила дезарш. Амма тхо лара ца до.

Дай-наноша а бохура, шаьш берана ц1ахь бан беллачу балхана г1о дан г1оьртича, цец а довлий дуьсу. Х1унда аьлча ца кхетарг а, цаоьшург а киншкаш т1ехь дукха ду. Т1аккха бер а ца кхеташ дуьсу. Хууш ма-хиллара, кегий долуш 1еминарг дика дагахь а лаьтта, атта диц а ца ло. Амма ца 1емаш т1ехдаьлларг юха 1амо хала хуьлу, я 1амо хан а ца хуьлу, т1аьхь-т1аьхьа программа чолхе йолун дела.

Делахь а, дай-наноша даггара баркалла элира берашна таханлера дезде дарна а, хьалхара класс чекхъяккхарна хаза кечдина «дипломаш» а, совг1аташ а даларна. Берашна цкъа а дицлур доцу хаза де хилира кхунах.

Мероприяти д1аерзош школан директора Макаев Ризвана элира:

«Х1ара лазам вайн школан хилла ца 1аш, ерриг республикин лазам бу. Вайн декхар, к1оштан дешаран урхаллина а, дешаран министерствона а, ваьшна хетарг а, хила луург д1ахаийтар ду. Вай вешан лаам – программа «Гармония» вайн дешаран системина тахана оьшуш ца хилар – д1ахоуьйту. Амма вешан лаам мухха белахь а, вай тахана цу программица болх беш а, бан безаш а ду. Цундела вайн берийн бошмашца бан безаш болу болх а, уьйраш а чаг1йийр ю, цу хьокъехь комисси а кхуллур ю. Вешан г1алаташна т1ехь болх а беш, уьш д1адаха а г1ертур ду. Дакъалаьцначарна массарна а Дела реза хуьлда».