1974-чу шарахь Шелара №8 йолу юккъера школа чекхъяьккхича, жигархо а, дика доьшуш а хилла йолу Абубакарова Лидия директора Езиева Элимас пионервожати балха ийцира. Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан исторически факультете заочно деша а яхана, 1981-чу шарахь иза кхиамца чекхъяьккхира цо. Историн а, йиш лакхаран а урокаш луш йолу Лидия, т1аьххьара 15 шарахь директоран дешаран, кхетош-кхиоран декъан заместитель болх беш ю. Кху шарахь хьехархочун денца доьзна Нохчийн Республикан дешаран а, 1илманан а министерствон грамотица а, «Россин Федерацин хьакъйолу белхахо» аьлла ц1е яларца а билгалдаьккхина Лидияс хьоьгу къа. К1оштан дешаран урхаллина т1ера д1айолийна Россин Федерацин Президентан а т1екхаччалц йолчу инстанцешкара; НР массо а министерствошкара, урхаллашкара – шаерг 50 сов, грамота ю цуьнан.
«Финансийн министерствера яц сан х1инца а грамота, церан тидам т1ебаханехьара, ахчанца г1одан а там бара тхуна», – йоьлу Лидия. Республикехь а, арахьа а евзаш йолчу «Стела1ад» хоран куьйгалхо ю Лидия. Шениш доцурш – хоран совг1аташ – кубкаш, грамоташ школан директоран кабинета чохь д1анисдан меттиг а ца тоьъна, царна шайнна кечъеш стенд ю.
«Жима йолуш дуьйна хьехархо хила лууш а, музыка езаш а, школехь доьшуш йолуш хорехь солистка а яра со. Школе балха еъча ший а лаам кхочушхилира сан, – дуьйцу Лидияс. – Сан боккха сатийсам бара, дика берийн хор ян. И сатийсам сан 6 шо хьалха, уггар хьалха школан директора Атуев Рамзана накъосталла дар бахьана долуш, кхочушхилла.
Хорехь дакъалоцуш 1-чу классера 8-чу классе кхаччалц долу 50 бер ду. Дукхахдерш зудабераш ду. Хорехь дакъалацаро берашна дуккха а диканиг ло. Цкъа делахь, вайн бераш ч1ог1а пох1ма долуш ду, шолг1а – хорехь низам, г1иллакх-г1уллакх 1амадо. Урокаш д1аевллачул т1аьхьа эрна дуьйладелла ца лелар а, вочу х1умнашна т1е ойла яхийта хан ца хилар а ду вуно дика г1уллакх. Божаберийн-м арабовла а, спортаца гергарло лелон а, цхьацца аг1ор самукъа даккха а йиш хуьлу. Вайн зудаберийн и аьттонаш бац, цундела царна а, церан дай-наношна а доккха накъосталла а, синтем а бу иза. Д1аса дахча оха ч1ог1а ларбо уьш, х1унда аьлча зудабер экаме ду, тхох тешна схьаделла ду, оха жопдала дезаш а ду. Кхозлаг1ниг – вуон леларг а, вуон доьшург а хорана юкъахь вуьтуш вац – оцо дешарна а, шен леларна а бере само йойту.
Тхан хоран дуьххьара г1арадовлар хилира Бетигова Сацитин «Ахьмад-Хьаьжин весет» бохучу эшарца. Сацита соьца цхьаьна хорехь къахьоьгуш ю. Цо ша яьхна дуккха а нахана езаш а, евзаш а йолу эшарш ю тхан репертуарехь. Вайн махкара республикански хьесапан цхьа а мероприяти тхо доцуш д1айоьдуш яц. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала декъалвойла иза) музейна уллехь стелла (х1оллам) схьайоьллуш, баьхкина баккхий, беза хьеший а болуш, и схьаелларан сийлахь бакъо тхуна елира. Дадашева Тамарица клипехь дакъалецира оха. 1аьржачу х1ордана йистерчу Анапа, Сочи, Туапсе г1аланашкахула «Нохчийчоьнан бераш машарехьа» аьллачу турнехь а дакъалецира. Хазахетарца т1еэцара тхан эшарш цигахь а.
Ала дашна, Россера а, кхечу пачхьалкхашкара а фестивалашкара, конкурсашкара кхайкхарш дог1у тхан хоре, тхан берашка. Амма, дукха хьолехь, ца боьлхуш буьсу уьш. Ца буьсу хор кийча йоцуш, шайх б1о ца булуш-м. Баха ахча ца хиларо буьту-кх. Ч1ог1а новкъа а хета, дагахьбалам а бу иза, х1унда аьлча хоро д1аяхханчуьра толам бохьур бара, Нохчийн Республикан сий хьалаойбур дара».
Д1адаханчу шарахь дуьненаюкъара «Схьайиллина Европа» бохучу конкурсера официальни кхайкхар даийтинера, амма ахчанца г1о дан стаг а ца хилла бахаза бисина. СССР-н халкъан артистан Брегвадзе Нанис даийтина кхайкхар изза бахьана долуш дисина, иштта кхин а ду.
Коллектив езаш а, лоруш а юй хуур дара 2011-чу шеран 31 майхь хоран 5 шо кхачаран юбилей язъеш Соьлжа-Г1аларчу концертни зале деанчу адаме хьаьжча. Зал «т1анк» – аьлла юьзна яра, ч1ог1а т1араш детташ, совг1аташца, зезагашца т1елецира хор. И мероприяти шаерг шена т1е а лаьцна (залан аренда, транспорт, вовшахтохар, совг1аташ) кхочушйинарг цу хенахь Шела-г1алин мэр, х1инца Шелан муниципальни к1оштан куьйгалхо волу Ибрагимов Турпал-1ела вара.
«Вайн республикехь хуьлуш йолчу мероприяте д1аса баха транспорт Шелан к1оштан дешаран урхаллин куьйгалхочо Керимов 1елас а, тхан директора Атуев Рамзана а хуьлуьйту тхуна, шайга далун г1о а до, – кхид1а дуьйцу Лидияс, – «Стела1адан» дуьххьарлера солистка хилла ю «Дагадог1ий шуна?» конкурсехь толам баьккхина йолу йишлакхархо Бетельгериева Хадижат. Пох1ма долуш, солисташ бу Шелара №8 йолчу юккъерачу школан дешархой: 4-чу классера Умаева Хеда, 3-чу классера Диндигов Асхьаб, 7-чу классера Дукаева Радима, Соьлжа-Г1алара Бугаев Шамхан».
Лидияца динчу къамелехь авторна кхин цхьа х1ума а билгалделира: коллективна хьалха к1ирнах кхузза репетици ян меттиг хилла хилар а, х1инца к1ирандийнахь – цкъа бен ян аьтто ца хилар а. Цу хьокъехь шега хаттар дича, школан директора Атуев Рамзана элира:
«Тхан школа 1964-чу шарахь 500 дешархочун меттигна йина яра, х1инца доьшуш 1320 дешархо ву. Меттиг ца тоарна цхьайолчу г1оьналлин чоьнех классаш ян дийзира тхан. Хоро репетицеш а еш, кхечу школаша а, театральни коллективаша а пайда а оьцуш, Лидияс ша шен берашца, шен куьйга кечйина йолчу актовый залах а класс ян дийзира тхан. Х1унда аьлча кху шарахь стохкалерачул а 110 бер сов даьлла тхан.
Лидияс 1-чу классехь дуьйна куьйгалла а дина кху шарахь арахецначу классера – кхид1а дуьйцу Рамзана, – шадолу 27 бер МГУ-хь, Германерчу а лакхарчу заведенешкахь а, кхечанхьа а доьшуш ду. 4 йо1 – Астрахански медицинан академехь. Студенташ хестош, баркаллин кехаташ дахкийтина тхоьга. Иза тхуна а, республикана а боккха юьхьк1ам бу. Шен хорана оьшуш долчу массо а х1уманна: г1ирсана, духарна, д1асадоьлхуш яах1уманца, шен киснара харжаш йо Лидияс. Цкъа а берана совг1атна деллачу ахчанах, сом схьаэцна а яц иза. Ша кхоьллинчу шен хорана чу садиллина ю Лида. Музыкица ч1ог1а гергарло долуш ю иза «Вотий-пондар хезча, яла йоллуш цомгаш хилча а, хьала эккхар яра Лида», – олуш забар а ю тхан коллективехь лелаш. Коллективана а, берашна а ша езийта, ларийта хууш, тхан ца хилча йиш йоцуш йолу белхан накъост ю-кх Лидия».
Авторна шегара т1етоха лаьа: НР-н Правительствехь министран даржехь белхаш беш 4 шелахо ву, кхиболу таронаш йолу нах ца бийцича а. Ткъа культура, спорт республика меттах1оттаярехь приоритетни аг1онаш ю, царна г1о дар вайн массеран а декхар ду, бохуш схьакхайкхош вайн республикан Куьйгалхо Кадыров Рамзан а ву, д1аяхханчохь республикан сий хьалаойъур долуш йолу берийн коллектив а ю. Ведомосташкахь муьлхха цхьа даздар я кхин мероприяти хилча, “Стела1ад” юкъара бераш д1акхойкхуш нисло. Луур дара-кха Шелара даржехь болчу царна оьшучуьнца г1о дойла. Ткъа вай тешна 1ийр ду и хаза, къона, пох1ма долу т1аьхье вайн 1едало а, къомаца балаболчу наха а тесна юьтург ца хиларх а, царна г1о-накъосталла дийриг хиларх а.