Язык сайта

 

Язык сайта

 

Сулейманов А. «Ялсамани ненан когаш к1елахь ю...»

Х1ора адамна нана дуьненчохь уггаре а коьрта адам ду. Хьо самукъадолуш велахь – ирсе хир ю иза, хьо дог доьхна велахь – баланехь хир ю. Ахь муьлхха халахетар дича а, хьуна къинт1ера яла кийча ю иза. Шен бере болу къинхетам ненан даг чу Аллах1а биллина. Нана хилла д1ах1оьттича, адамехь уггаре дика йолу амалш гучуйовлу зудчуьнгахь – къинхетам, безам, к1еда-мерза хилар, собар, шен са ца кхоадар.

Хьо милла велахь а,

ахь диц ма делахь,

Хьуо нанас вина хилар.

Бераллехь бовхачу некхе а лоьцуш,

Шурийца вузийна хилар.

Хьуна т1е цхьа бохам

я бала х1оттахь,

Т1екхача йиш йоцуш

ша йисна елахь,

Хи доцуш бисина

Хин ч1ара санна,

Са лоьцуш, са уьйзуш

халчохь и хилар.

«Ненан де» Россин махкахь билгалдаккха долийна 1998-чу шарахь дуьйна. Х1ора шарахь ноябран т1аьххьарчу к1иран дийнахь даздеш ду и. Кху шарахь, гуттар а санна, вайн республикин дешаран массо учрежденешкахь даздарш д1адаьхьира.

Шелан к1оштан Жимчу Атаг1арчу Керимова Зулиханан ц1арах йолу №2 йолчу юкъардешаран школе даьхкира тхо. 1970-чу шарахь дуьйна цу школехь хьехархочун болх бина, дуккха а шерашкахь директор лаьттина ву Керимов 1ела а, цул т1аьхьа цуьнан йо1, хеназа кхелхина йолу Зулихан а (цуьнан ц1арах ю школа). Тахана директор йолу Керимова Зарган а 1елин йо1 ю.

«Сан шадолу дахар д1адахана кху школехь, – дуьйцу 1елас, – ас дозалла а до цунах. Кхузахь тахана доьшуш сан 12 берийн бераш а ду. Сайга далун г1о дан а г1ерта со кхарна…»

Мероприяти кечъеш а доккха дакъалаьцна 1елас. Уггар коьртаниг: хьеший т1еэцар, церан хьашташка хьажар дара цунна т1ехь. Хьеший дуккха а бара: к1оштан дешаран урхаллин векалш, хьалхаяьлла коьрта говзанча Исаева Нура а йолуш, к1оштан дуккха а школашкара хьеший, берийн наной.

Юьзна йолу зал, пенаш т1е летийначу берийн суьрташца, аппликацешца, кехатах динчу суьрташца кечйина яра. Даздар д1адолош лахарчу классера к1антий, йо1ий нохчийн хелхар гайтира. Т1аккха дешархоша д1адолийра байташца нанойн дикалла, оьздангалла хестор. Бераша даггара а уьш йийцарна цхьаболчеран б1аьргех хиш довлуш хаалора.

Цхьана къонахчо вайн Пайхамера (Д.С.М.) хаьттина боху:

«Х1ай Дала ваийтинарг, адамех уггар ч1ог1а лара везаш верг мила ву?» «Нана», – жоп делла Пайхамара (Д.С.М.). «Цул т1аьхьа?» «Нана», – жоп делла Цо юха а. «Ткъа цул т1аьхьа?» «Нана, – кхозлаг1а а жоп делла Пайхамара (Д.С.М.). «Ткъа цул т1аьхьа?» «Да» – аьлла Пайхамара (Д.С.М.) т1аккха.

Шен дахаран масалца гойтуш а хилла цо нана лерар мел деза ду. Дийцарехь, ша вакхийна йолу нана Хьалимат йолчу вахча, шена т1ера оба схьа а йоккхий, к1ел а тосий, цу т1е охьахаош хиллера цо иза. Нана чу еъча, даим хьалаг1оттуш а хилла.

Цхьана хьадиса т1ехь боху:

«Ялсамани ненан когаш к1елахь ю».

Оцо гойту бусалба динехь нана мел лакхарчу даржехь ю.

Иштта дийцира бераша.

Самукъане сценкаш а гайтира бераша, массеран т1е тидам бохуьйтуш яра ненах лаьцна хеттарш т1ехь долу анкеташ а. Чохь болчу наношна совг1аташ а дира бераша.

Хьешийн ц1арах йистхилира Шеларчу №4 йолчу юкъардешаран школан завуч Демильханова Сарет:

«Бераш, аш дуккха а хаза дешнаш эли тхоьх – нанойх – лаьцна, баркалла шуна. Хаа ду шуна, шун нана дийна мел ю, шу цхьаннан бераш дуй. Дийна йолччуьра ларалаш иза. Мел воккха хьаькам и хиларх, мел вехаш стаг хиларх, нана ца хиллехь, хир вацара шуна иза».

Вуно чулацаме, дика нисделира кхузахь «Ненан де» даздар. Цуьнан бахьана дара д1ахьош йолчу директоран заместитела Хаджимурадова Бирланта кечам дика бар. Эшаршца, хелхаршца корматалла гайтира школан исбаьхьаллин самодеятельностан декъашхоша а. Цу т1ехь къаьсттина билгалъелира 9-чу классан дешархо Джамбулатова Хеди.

Шен дерзоран дашехь школан директора Керимова Заргана элира:

«Ненан денца массо а наной декъал а беш, ала лаьа: «Дала шун бераш, аш ма-бохху, оьзда а, хьекъале а, ялсамани ненан когаш к1елахь юй хууш а кхуьийтийла!»

Даздар чекхдаьлча, х1усамдайша шаьш комаьрша х1оттийначу шуьне кхайкхира хьеший.