Язык сайта

 

Язык сайта

 

Тапалаева А. "Актер – къоман юьхь гойтург ву"

Культура а, театр а езачу вайн махкахошна хаза кхаъ бу тахана т1е кхуьуш пох1ма долу къона актераш хилар. Царах цхьаъ ву къона актер, режиссер, художник, оьзда, г1иллакхе жима стаг Исламгариев Апти. Иза вина 1986-чу шеран 31-чу майхь, Аргунехь. Цигахь чекхъяьккхина №4 йолу юккъера школа. Чекхъяьккхина иштта «Детская школа искусств» (суртдилларан отделени). Цигахь доьшуш волуш тайп-тайпанчу республикански юкъарчу гайтаршкахь дакъалацарна дуккха а грамоташ елла цунна. Аптин карикатураш, суьрташ довза йиш хилла «Аргун», «Зама» газетийн, «Стела1ад» журналан дешархойн. 2010-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетан актерийн отделени кхиамца чекхъяьккхича, тоам бина ца сецна Апти:, театре болчу безамо Москва г1ала, режиссеран говзалла караерзо деша вахийтина иза.

«Доьшуш волуш, Солцаевс оьрсийн театре кхайкхира со, цу т1ера болабелира сан актеран болх», - боху Аптис. Шен нийсархошна юкъахь пох1малла хиларца къаьстина волу Апти, Сакуровс 2006-чу шарахь «Александр» кино йоккхуш жимачу стеган роль ловзо кхайкхира.

Х1инцале дуккха а спектаклашкахь тайп-тайпана ролаш ловзийна цо. Гергарачу хенахь «Ревизор»-н премьера ю хила езаш, цигахь йолу Хлестаковн роль шен тоьллачарах хета шена, боху цо. ТЮЗ-н кегийчу хьовсархойн а самукъадаьккхина Аптис («Золотой осел Насредина»- шпион, «Дорожные приключения» - незнайка кхиерш а).

Карарчу хенахь актеран балхах тоам бина ца 1аш, режиссеран белхан говзалла а кхиамца караерзош ву иза. Оха шун тидаме юьллу Исламгариев Аптица тхан хилла интервью.

– Актеран некъ харжар а, цу новкъа валар а муха хилира хьан?

– И болх безаш а, и болх беш а со ишколехь волуш дуьйна ву аьлча, харц хир дац. Тхан ишколехь йолу цхьа а мероприяти д1ацайодара ас дакъа ца лоцуш. Цундела, ишколера ваьлча, деша мича г1ур вара бохуш, кхин ойланаш ян а ца дийзира сан.

– Хьан хьехархой, ахь масал оьцуш болу нохчийн актераш муьлш бу?

– Т1екхуьучу къоначу актераша шех масал эца хьакъ болчу актерех цхьаъ Омаев Дагун хета суна, х1унда аьлча, ша сцени т1е волуш, х1оразза а керла х1ума дохьу цо шеца, ишта волу актер к1орда ца во. Дукха хьолахь трагедешкахь тов суна цуьнан болх. Ас шех масал оьцучарах ву Джамаев 1имран а, къаьсттина камедийни аг1ор, х1оразза, дуьххьара санна, ша гайта хууш актер ву иза. 1. Марисултанов, М. Давлетмирзаев, кхин а бу уьш, нохчийн сцена къагийна къахьоьгу актераш.

– Вайн къоман сценийн башхалла х1ун хета хьуна?

– Кавказехула а, еригге Россихула а выездаш хуьлу тхан, вайн сцена кхечу къаьмнийн сценийца юьстича, уггар хьалхара башхалла – г1иллакхашца ю, масала, вайнехан сцени т1ехь, дуьненан литературийн классика х1оттош хилча, нохчийн г1иллакхашца йог1уш йоцу меттигаш, ткъа и саннарш дуккха а нисло, д1аяха езаш хуьлу. Башхалла йолуш нохчийн къоман амал а ю. Нохчий актеран йиш яц, осала ваьлла, я яхь йоцуш, пайдабоцчу аг1ор шен амал гайта, харц турпалхо иза вацахь. Бакъдерг дийцича, оьрсийн сцена, техникийн аг1ор юьстича, вайн сценел а дикка кхиъна йог1уш ю, ткъа роль ловза яр т1ехь аьлча, суна нохчийн цхьаболу актераш г1олехь хета.

– Ахь лакхахь ма-аллара, шу вайн мехкан дозанал арахьа а хуьлу. Цигахь хьовсархоша т1е муха оьцу шу?

– Тхо даьхкина аьлча, дукха боккха кхаъ хуьлий т1е оьцу тхо массанхьа а. Нохчийчохь, тхо муьлххачу юьрта дахарх, тхо т1еоьцуш бухахь юьртда, «Культарин ц1ийнан» куьйгалхо а хуьлу. Спектакль чекхъяьлча, тхоьга хаттарш дан а, цхьаьна сарташ дахийта а, баркаллин дешнаш ала а лууш дукха хьовсархой хуьлу. Кхечу регионехь а ца хуьлу «хьеший» т1еэцаран г1иллакхаш ледара: машенашкахь дуьхьала бог1ий, тхо лардеш 1аш карабо уьш а. Санкт-Петербургехь 2007-чу щарахь д1аяьхьначу фестивале «Рыцари кавказских гор» эцна дахнера тхо, не1арехь кхаж тосуш яьшканаш яра, ткъа юьзна вайн спектакальна х1оттийнарг бен яцара. Т1емаш бовлале Нохчийчохь 1ийна бахархой хиллера зал чохь, цара тхоьга юх-юха хоьттушдерг : «Шу юха маца дог1ур ду?» - дара. Х1етахь, т1амах бевдда баххарх, цигахь бисина нохчий а дукха баьхкинера, тхуна боьлхуш марабетталуш, баркаллаш бехира цара.

– «Нохчийн актер» - боху ц1е д1акхехьа хала дуй ?

– Мел халахеташ делахь а, вайна юкъахь карабо артистан болх дош цахетарш. Сайн белхан юьххьехь ас мелла а шеконашца ойла йора цуьнан, наха дуьйцучуьнга ладег1ара. «Со нийса вац-те?! Эхь долуш х1ума дуй-те х1ара?!» - олий, ойла кхоллалора, х1унда аьлча, х1етахь, х1инца сана, цуьнан мах ца хаара суна. Ткъа тахана, и санна долу къамел дечаьрга ас ла ца дуг1у, х1унда аьлча уьш культура х1ун ю ца хууш нах бу. Тахана со вог1уш-воьдуш, хийламмо вевзий, сурт даккхийта мегар дарий хьоьца, эццахь я х1оккхахь, сцени т1ехь гинера хьо, ахь ловзийна роль хазахеттера шена, олуш хуьлу. «Хьо гича хазахета. Ахь ловзо ролаш ч1ог1а тов, хьох масал оьцу. Дела реза хила хьуна!» - бохучу адмашца «артист дош дац» бохурш бусту ас, т1аккха сан цхьа а шеко ца юьсу суо нийсачу новкъа т1ехь хиларх.

– Нохчийн актер мила ву, цунна т1ехь х1ун декхарш ду?

– Актер, тахана сцени т1ехь нисвелча ловзуш, ткъа кхана г1олехь болх карийча, сцена 1адъюьтушверг вац. Актер, сцена д1аяьлча, дуьне а доцуш, хазахетар а, халахетар а цуьнца дерг ву. Ткъа декхар цунна т1ехь доккха ду, актер къоман юьхь гойтург ву олуш ду, иза нийса а ду. Актеран болх, сцени т1ера охьавоьссича чекхболуш бац, иза масал хилла лела везаш а, ваха везаш а ву. Хьо х1ума кхалла кафе водахь а я некъахь воьдуш-вог1уш велахь а – бен а дац, хьуо волчу меттехь, хьайн леларца, вистхиларца, г1иллакхе, оьзда хиларца масал гайта декхар ву, х1унда аьлча хьо массарна вевзаш стаг ву, цундела хьоьгара яьллачу ледарлонна адамо геч ца до. Адамо шайна вевзачу, везачу стагана ледарло ялийта бакъо ца ло, церан б1аьргашчохь воьжна стаг дакъазаваьлла стаг ву. Изза декхар ду, актер ца хиларх, муьлххачу а културин белхалочунна т1ехь.

– Болх бан волавелла дукха хан яцахь а, хьо вайн махкахь вевзаш актер ву, хьайна и «вовзар» делларг муьлха роль хета хьуна?

– Сайн коьрта роль ас х1инца а ловзоза ю аьлла хета суна. Ас самукъадолуш ловзийна ролаш: «Совдат и Дауд» спектаклехь - Хьамид, «Шейх поневоле» спектаклехь - Хушпар ю, амма актеран тоьлла роль къастош берш хьовсархой бу. Тахана со воьдуш-вог1уш вевзий, бист хила т1е баьхкинарш, цхьаберш, ас кино чохь ловзийна роль хаза яра олуш хуьлу, бисинарш – клип, я спектакль, я реклама хастош нисло. Х1ара ю аьлла цхьа роль масийттаммо хастош хилча, и ю-кх стагана лакхе елла роль. Сан и санна роль цкъачунна яц.

– Ахь беш болу х1ора болх шена-шена къахьега оьшуш бу, уьш цхьана новкъахь д1акхехьа хала дуй хьуна?

– Ас бечу х1ора белхан 1алашо цхьаъ ю: диканиг-дика ду аьлла, вониг-вон ду аьлла д1акхайкхор. Суо сцени т1е волуш цу 1алашонца волу, цхьана стаге и д1акхаьчча а доккха х1ума а хета. Художникан балха т1ехь карикатурин жанр хаьржина ас, изза 1алашо йолуш. Карикатура хаза неха санна чолхе жанр ю, цхьана забаречу суьртехула, айхьа дагалаьцначун маь1на гайта дезаш. Суна, сайн сина юххера карийна жанр а ю иза.

– Нохчийн театрехь дукха хан йоццуш режиссер х1оттийна хьо, и болх муха д1абоьдуш бу?

– Нохчийн театрера кегийрхой соьца болх бан лууш а бу, сан кийча труппа ю, Дала мукъалахь, гергарачу хенахь болх д1аболо ойла-м ю сан.

– Дела реза хила хьуна къамелехь дакъалацарна. Айхьа болийначу новкъахь, хьайн дог лаьттачу лакхене кхачавойла хьо Дала. 

– Дела раза хила хьуна а.