Язык сайта

 

Язык сайта

 

Тапалаева А. «Керлачу шарах лаьцна»

«Керла шо» аьлча, вайна бераллехь дуьйна дуьххьара дагайог1ург елка ю. Даима баьццара, кура лаьттачу диттах оцу деношкахь ца хилча ца волу хьаша хуьлу, школашкахь, берийн бошмашкахь, х1ораннан бохург санна х1усамехь, массо а махкахь. Ткъа мичара, маца деъна и г1иллакх вайн дахаре? Мила ву дуьххьара елка х1отто дагадеънарг?

Хьалха заманахь адмашна дитташ чохь дехаш синош ду моьттуш хилла, царна хьасталуш цхьацца совг1аташдар шайн декхар хеташ а хилла. Ткъа даима баьццара йолчу елкано кхъаьсттина меттиг д1алоцуш хилла дитташна юкъахь. Цу т1е х1ора шарахь, декабрь бутт чекхболуш, адмаша тайп-тайпана совг1аташ ухкуш хилла, синошна олий. Хьалха заманахьлерчу немцоша, елкана т1е лентанаш, х1айкалш, 1ежаш, х1оаш ухкуш хилла, ишта хьуьнан синошна хьасталуш а, Деле беркате шо доьхуш а хилла боху цара.

И хьалха заманахь хилла, ткъа вайн заманахь, историкаша дийцарехь, дуьххьара елка Германехь х1оттийна. Юьхьанца хьалдолчу нехан бен таро ца хилла т1е 1ежаш, каьмпеташ, кхин а цхьацца мерза х1умнаш а оьхкина, елка кечъян. Амма хенан йохалла, кхоч-кхочуш, мискачу нахе а кхаьчна, ткъа цул т1аьхьа дозанал ара а яьлла елка.

1807-чу шарахь Францин императора Наполеона І, немцойн оцу ламастах льацна шена хиъча, Касселе олучу г1алахь елка х1оттаяйтина цу къомах болчу т1емалошна лерина. Францехь дуьххьара елка 1837-чу шарахь х1оттийна. Схьахетарехь, герцогинин Орлеонскаян омрица – и г1иллакх лелочу Германера схьаяьлла хилла иза. Англехь дуьххьара елка 1800-чу шарахь х1оттийна, бохуш дуьйцу, король Георгийн ІІІ х1усамнанна-немкина Шарлоттина лерина. Амма и г1иллакх эццехь ч1аг1делла д1а ца х1оьттина. Цул т1аьхьа 1840-чу шарахь бен ца х1оттийна Англехь елка, т1аккха а королевин Викторин ц1ийндена принцана Альберта Саксен-Кобургскогона лерина.

Англехь а, Францехь а елка х1оттор халкъан ламаст хилла, 19-чу б1ешарахь бен д1а ца х1оьттина. Амма вайн заманахь Францехь оцу дезачу деношна кхиош-лелош йолу елканаш еригге а Европана а тоьа.

Елка кечъяран ламаст Америке 19-г1а б1ешо юкъал т1ехдаьлча бен ца кхаьчна. Цига а иза Германерчу иммигранташа деъна. 1882-чу шарахь Нью-Йоркехь дуьххьара леррина оцу г1уллакхна йина токаца йолу лампанаш а ухкуш, кечйина елка. Цул т1аьхьа масех шо даьлча, 1902-чу шарахь дуьйна и тайпа елки т1е ухку токаца йолу лампанаш туьканашкахь йохка а йолийна. Ткъа елки т1е ловзоргаш охка дуьххьара японцашна дагадеъна.

Россин махка а и г1иллакх немцоша деъна 19-чу б1ешеран 40-чу шерашкахь. Дуьххьара Санк-Петербургехь 1аш болчу немцойн х1усамашкашкахь х1иттош хилла елканаш, ткъа цаьргара схьаэцна, юьхьанца г1аларчу, цул т1аьхьа ярташкарчу бахархоша а х1итто йолийна. Доцца аьлча, 19-г1а б1ешо чекхдолуш Россехь х1ора х1усамехь бохург санна х1оттош хилла елка.

Ткъа Нохчийчу елка кечъяран г1иллакх оьрсаша деъна аьлча нийса хир ду. Баккхийчу наха дийцарехь, дуьненан 1илма хьоьху школаш мискачу нахана маьхза ехкиначул т1аьхьа, Советан 1едал д1ах1оттийначул т1аьхьа, нисло иза. Массарна а дагадог1у хир ду аьлла хетта 1997-1998-чу шерашкахь, коьрта елка вайн махкахь х1оттийнехь а, и муха х1оттийнера, цига ваха ваьхьаш стаг а вацара. Елке даха хьовха, шен г1уллакхе д1асадаха а маьрша дацара адам.

Иштта дагадог1у, 1997-чу шарахь школашкахь елка х1оттор дихкича, хьехархоша 1едале:

«Берийн т1аьххьара самукъа д1а мадаккхахьара!», – бохуш, дехаршца яздина кехаташ жоп доцуш дисар а.

Оцу хьола юкъара схьадевллачул т1аьхьа, баккхийчарна а, кегийчарна а цхьабосса, синан дарба дара хаза кечйиначу елке ваха аьтто хилар.

«Маьрша дахар ду кхин д1а!», – бохуш санна хеталора елкано.

Вайнахана дозалла дара 2011-чу шарахь Соьлжа-г1алахь х1оттийна елка еригг Кавказехь а уггаре лекха хилар. 37,5 метр яра цуьнан лакхалла.

Ткъа тахана 1едало елка х1оттор а, совг1аташ далар а, даима хилча санна, ч1аг1делла д1ах1оьттина вайн махкарчу массо а школашкахь, берийн бошмашкахь. И хаза совг1ат, исбаьхьа кечйина елка ца кхочуш тахана цхьа а юрт ца юьсу.

Амма керлачу шеран деношкахь кечъеш йолу елка, воккхачун а, жимачун а б1аьрг хьостуш елахь а, коьрта долучунна берийн лерича харц хир дац. Шен х1усамехь иза х1отточо а уггар хьалха берийн дуьхьа, церан самукъадаккха х1оттайо. Ткъа царна бен а дац иза дуьххьара хьан я мичахь х1оттийна бохург, церан коьрте хьийзарш кхин ойланаш ю. Шайна баккхийчара кечдина совг1аташ схьаэцар ду царна хьалхара. И хаза туьйра г1оза дехийла царна!