Язык сайта

 

Язык сайта

 

Абуева Товман Ильмадиевна – Соьлжа-ГIалин №56 йолчу юккъерчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо

1 дек 2020 года
540 просмотров

Абуева Товман Ильмадиевна – Соьлжа-ГIалин №56 йолчу юккъерчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.

1986-чу шарахь дикачу кхиамца чекхъяьккхира цо юьртара школа.

1994-чу шарахь Л.Н.Толстойн ц1арах йолу Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетехь дешна елира. Дуьххьара болх бина шен дай баьхначу Нажай-Юьртарчу к1оштан Г1алит1ерчу юккъерчу школехь.

2004 шарахь дуьйна №56 йолчу школехь нохчийн меттан а, литературан а хьехархочун болх беш ю Товман.

Ша къахьоьгучу кху ткъе итт шарчохь шен белхан накъосташна хьалха а, дешархошна хьалха а ледарло ца йолуьйтуш хьанал болх бина цо. Цундела иза езаш а, лоруш а ю. Школехь нохчийн меттан а, литературан а методически цхьанакхетараллин куьйгалхо а ю Абуева Товман.

Шен урокашкахь цо шуьйра пайдаоьцу вайн заманан хьехаран технологех. Цуьнан дешархоша 1-ра меттигаш йоху 1илманан-практически конференцешкахь, олимпиадашкахь а.

Хьанал къинхьегам, лаккхара корматалла гайтарна цуьнан болх билгалбаьккхина бу дуккха а Сийлаллин грамоташ яларца.

2015 шарахь «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо» къовсадаларехь -1-ра меттиг баьккхина.

2016-чу шарахь "Россин Федерацин юкъарадешаран Сийлахь белхало" аьлла совг1ат дина цунна.

2015-чу шарахь интернетехула нохчийн мотт хьехаран проектан белхан тобанан декъашхо а, 2017-шарахь дуьйна оцу проектан экспертни комиссин декъашхо а ю иза.