Язык сайта

 

Язык сайта

 

Бовза, беза, Iамабе ненан мотт!

24 апр 2019 года
977 просмотров

Нохчийн маттаца болу ларам ч1аг1бан а, цуьнан кхиар совдаккхан а, дешархошна 1аматаш язъеш а, изложенийн а, диктантийн а гуларш х1иттош а пайдаэца йолчу 1алашонца, 2018 шеран г1уран беттан 19-чу дийнера 2019 шеран оханан беттан 5-чу дийне кхаччалц Нохчийн Республикин дешаран, 1илманан министерствоно а, Дешаркхиоран институто а нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна юккъехь берашна лерина нохчийн маттахь дийцарш яздаран конкурс д1аяьхьна. Конкурсехь дакъалоцуш вайн махкахой хиллаца ца 1аш, Дагестанера нохчийн меттан хьехархой а бара. Царна, безаш т1еэцарца, Правительствон ц1арах совг1аташ дира.

Школашкахь Нохчийн меттан денна лерина беш болу кечамаш, ненан мотт хьоьхуш болу хьехархойн кхиамаш, дешархойн хаарш гайтаран 1алашо йолуш йина яра конкурс.

Цхьаьнакхетаре баьхкина бара нохчийн меттан 1илманчаш, хьехархой, яздархой, журналисташ.

Жюрин декъашхоша онда болх бина толамхой къастош. Дерриге а конкурсан белхаш кхачам болуш дара, делахь а, муьлххачу а къовсамехь толамхой хила безаш бу.

Иштта, «Нохчийн маттахь тоьлла сочинени» номинацин толамхой бара: Султанова Раяна, Соьлжа-Г1алара № 106 юккъерчу школан 11-чу классера дешархо; Цагараев Сайд-Мохьмад, Соьлжа-Г1алара  лингвистически юккъерчу школан 9-чу классера дешархо; Исханова Малика, Наурски муниципальни к1оштан   Николаевски юккъерчу школан 9-чу классера дешархо; Гелаев Мохьмад, Хьалха-Мартан к1оштан Гой-Чу юьртан юккъерчу школан 9-чу классера дешархо.

"Нохчийн меттан тоьлла кабинет» номинацин толамхой: Хьалха-Мартан к1оштан Гехи-Чу юьртан юккъера школа; Гуьмса-Г1алин № 3 йолу юккъера школа; Соьлжа-Г1алин № 4 йолу гимнази; Ножай-Юьртан к1оштан Зандакъара № 2 йолу юккъера  школа; Соьлжа-Г1алин № 12 йолу гимнази.

Конкурсан «Нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна юккъехь берашна лерина дийцарш"  яздаран номинацехь 1-ра меттиг яьккхина Алиева Маккас, Алхан-Г1алара № 2 йолчу юккъера юкъардешаран школан хьехархочо; 2-г1а меттиг яьккхина Магомадова Розас, Олхазар-К1отарара № 2 йолчу юккъера юкъардешаран школан хьехархочо; 3-г1а меттиг яьккхина Айдамирова Зулайс, Соьлжа-Г1алин № 11 йолчу юккъера юкъардешаран школан хьехархочо.

Шен къамелехь, толамхой декъалбарца, конкурсан декъашхошна, хьешашна, жюрина, иштта массо а цунна кечам беш, иза д1ахьош къахьегначарна Дела реза хуьлда элира Нохчийн Республикин дешаран, 1илманан министра Баутдин Исма1ала.