Язык сайта

 

Язык сайта

 

МБОУ «СОШ с. Хал-Келой». Ешаран къовсам «Ненан мотт-дахаран хазна»

23 апр 2021 года
632 просмотров

Хьал-Келарчу юккъерчу школан планаца цхьаьна дог1уш долуш, нохчийн меттан Денна лерина «Ненан мотт-дахаран хазна» темина ешаран къовсадалар д1адаьхьира 2021-чу шеран апрель беттан 21 -чу дийнахь Хьал- Келарчу юккъерчу школехь. Къовсадалар д1адаьхьира нохчийн меттан хьехархочо Бисултанова Бикахас.

Къовсадаларехь дакъалецира: 5-8 классерчу дешархоша.

Къийсадаларехь дакъалоцуш бол чу дешархойн таро хилира г1арабевллачу нохчий поэтийн Ш.Арсанукаевн, Шайхиев 1. Бисултанов А и. д1.кх. байташ йоьшуш нохчийн мотт хаза а, хьалдолуш хилар а, шен меттан сийдеш дахадезаш хилар гайта.

Дещахоша хестийра ненан мотт, дийцира цуьнан дозаллах. Ладуг1учеран самукъадоккхуш, шайн пох1ма довзийтира цара. Нохчийн меттан Денна лерина цхьаьнакхетар хьехархошна, дешархошна, нохчийн маттаца уьйр-безам болчарна дагахь лаьттар ду.

Ешаран говзаллин мах нийсонца хадийра жюрин декъашхоша: Салсаева М, Эльмурзаева Л., Садаева X. Омарова А.

Къовсаман жам1 деш:

1 меттиг - 5-чу классан дешархочо Эльмурзаева Ясминас;

2 меттиг - 6-чу классан дешархочо Кожахметова Хедас;

3 меттиг - 8-чу классан дешархочо Патаева Иманис.