Джанаралиев 1имран
Шаьлта – иза къонахийн мотт бу,
Хьаьнг-хьаьнге бийцалуш боцуш,
Иштта бу сан ненан мотт а,
Хьам-хьамма бийца хьакъ боцуш.
* * *
Сулейманов Ахьмад
Юрт йоккхуш кхосса йитина
Йоккха топ ва санна,
Хьоь ала дитина
Цхьа-ши дош дара сан.
* * *
Г1ала яккха со ца воллу, –
Цул ч1ог1а ду адаман дог…
Ирчу дашца ца даккхалахь,
Тоьпе-м и ца даккхало.
* * *
Воккхаве со хьуна хуъчу
Кхечу къаьмнийн меттанех,
Хьайниг бицбеш, 1амо дезна
Уьш хьуна ца моьттинехь.
* * *
Байхаджиев Зайнди
Шаьлтанал ира ду дош вайн,
Шаьлтанал дера бу мотт вайн.
Дукъанза дисна са вешан
Вай дукъа хьийзадо ваьшша…
Дош ду вай шайха д1овш даккхал,
Дийнна къам маьттаза даккхал,
Къонаха собарах ваккхал,
Ваьшна чохь дисна са даккхал.
* * *
Эдильсултанов 1абаз
Кхиош г1иллакх, дуза дог,
Оьзда баккха боккху ког.
Дерриг де ахь, лелош чот:
Бедар, амат, буьйцу мотт!
* * *
Яшуркаев Султан
Гора я1, нохчийн мотт, дош метта диллий
Д1аала вайша цхьа даггара илли,
Хьалхара ахь олуш, т1аьхьара – ас,
Дуьненна хазийта вайша хьан аз.
Лаьттана йовхо лун малх буьйцу вайша
Я цхьана заманчохь лелийнарг дайша,
Я 1аьржа верта т1етесна барам санна
Стиглахь йоьду 1аьржа марха йийца царна?
Я вайшиннан мехкан каш доцчу чартийн
Йист йоцу к1айн мог1арш д1агойтур дар-те?
Ц1ийн 1оврех леда хьан шовданаш дийца
Я зезаг хьахадай дог-ойла хийца?
Я зовкхехь дийца деза деши, дети,
Я ала мел ца лург 1адда а дитий,
Теш лаций, буьйса и беттаса тайша
Ворх1е а дуьненчу охьаделха вайша!..
* * *
Мамакаев Мохьмад
Шен ненан мотт халкъо,
Сий ойбуш, 1алашбахь,
Цу халкъан парг1ато
Цхьаммо а хьошур яц.
* * *
Хьан бах хьо, сан Даймохк, яханчу хенахь,
Йоза а хьайн доцуш, б1арзбелла баьхна?
Къийсамо аьгначу хьан т1улган белшахь
Гуш ду-кх яздина сан дайшка кхаьчнарг…
* * *
Сулейманов Юсуп
Башха дац со кхалхарх
Ломахь я арахь,
Тезетахь 1аьржа-к1айн
Къеста ма бе.
Амма сох кадамбе
Сан нохчийн маттахь,
И безаш ца хиллехь,
Геч а ма де.
* * *
Сайдуллаев Хьасан
…Дахарехь уггаре коьрта
Муьлха ду со ваьхна де?
Даймехкан сий ойуш, доггах
Ас илли яздина де.
* * *
Цуруев Шерип
Нохчийн мотт
Акха яр санна и ца баьлла бацалахь,
Боьжна бац стиглара, я эцна базарахь,
Цхьаьнггера юхалург баьккхина бацара –
Кхоьллина хилла и вайн дайша азаллехь.
Ас лору дуьненчохь мел долу меттанаш,
Нохчийн мотт – гуттар а сан оьзда дозалла,
1ожаллин цамгаро д1алаьцна меттахь 1аш,
Цу маттахь дийр ду ас весет а доьзале.
Цу маттахь нанас со дуьххьара хьаьстина,
Цу маттахь некъан дош дадас а кхайкхийна,
Цу матто, – уггаре гергарчу сан синна –
Сан, генахь цхьа висча, дог-ойла айина.